Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова М. Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова.

Презентация:



Advertisements
Похожие презентации
Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова М. Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова.
Advertisements

Транксрипт:

Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова М. Проект ю нохчийн маттахь. Хьара йина 4 «б» классан дешархочо Джамбулатова М.

Сан да а, нана а нохчий ду. Со йоккхае, со Дала нохчи кхолларна а, нохчийн махкахь со кхуьуш хиларна а. Сан мотт суна ч1ог1а хьоме бу. Жимчохь дуьйна массара а: дас, нанас, дедас, денанас нохчийн мотт а буьйцуш, дуккхайезаш кхиийна со. Вайн юкъахь дуккха а нохчий бу, шайн мотт а битина, оьрсийн мотт буьйцурш. Оьрсийн а, Ингалсан а, 1аьрбойн а кхиндолчу къаьмний меттанаш 1амабар вуно ч1ог1а дика х1ума ду, амма шениг биц а ца беш 1амо а, бийца а беза уьш. Сан боккха лаам бу, со йоккха хилча, шерра ингалсан а, 1аьрбойн меттанаш 1амадан. Делахь а, Нохчийн мотт 1амор-иза сан декхар ду! Сан да а, нана а нохчий ду. Со йоккхае, со Дала нохчи кхолларна а, нохчийн махкахь со кхуьуш хиларна а. Сан мотт суна ч1ог1а хьоме бу. Жимчохь дуьйна массара а: дас, нанас, дедас, денанас нохчийн мотт а буьйцуш, дуккхайезаш кхиийна со. Вайн юкъахь дуккха а нохчий бу, шайн мотт а битина, оьрсийн мотт буьйцурш. Оьрсийн а, Ингалсан а, 1аьрбойн а кхиндолчу къаьмний меттанаш 1амабар вуно ч1ог1а дика х1ума ду, амма шениг биц а ца беш 1амо а, бийца а беза уьш. Сан боккха лаам бу, со йоккха хилча, шерра ингалсан а, 1аьрбойн меттанаш 1амадан. Делахь а, Нохчийн мотт 1амор-иза сан декхар ду! Сочинени «Хьо вина мотт, биц ма бе».

Вина 1938 шарахь – Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»).Цуьнан стихаш т1ехьдаьхна халкъо дезаш т1еэцна дуккха иллеш ду: « Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна б1аьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара д1аолуш долу. Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю Са1идан. Уггаре евза ш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна д1аолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо»,«Сийна б1аьсте». Газаев Са1ид 60 –чу шерашкахь вайн литературе баьхкинчу поэтийн тобанах ву ш. евлира зорбанехь арайийлира цуьнан чулацаме, васте стихотворении ш. Нохч – г1алг1айн книжни издательствас арахийцира поэтан дуьххьарлера сборник – «1уьйре». Цул т1аьхьа диъ шо даьлча, «Б1аьстенан г1ар» ц1е а йолуш, кхин цьа книжка а ели цуьнан ара, 1981 ш. «Хазахетар» ц1е йолу сборник. Гацаев Са1ид дуккха а жанрашкахь яздеш ву, лирикин стихашна т1ера баснийн, пьесийн биста кхаччалч. Цуьнан дешнаш т1ехь яздина дукха хаза иллеш ду. Уьш ду: «Лулахо», «Къонахашка», «Сан эшарш», «Мехкаршка» кхин дукха а. Уьш йоккхачу говзаллица д1алокху Ульбиев Хизира, Темирбулатова Сиржана, Мусхабов Исмаь1ала. Вина 1938 шарахь – Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»).Цуьнан стихаш т1ехьдаьхна халкъо дезаш т1еэцна дуккха иллеш ду: « Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна б1аьсте», «Хьокъаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба,кхечара д1аолуш долу. Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю Са1идан. Уггаре евза ш йолчех ю цуьнан ТемирбулатоваСиржана мукъамаш баьхна д1аолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо»,«Сийна б1аьсте». Газаев Са1ид 60 –чу шерашкахь вайн литературе баьхкинчу поэтийн тобанах ву ш. евлира зорбанехь арайийлира цуьнан чулацаме, васте стихотворении ш. Нохч – г1алг1айн книжни издательствас арахийцира поэтан дуьххьарлера сборник – «1уьйре». Цул т1аьхьа диъ шо даьлча, «Б1аьстенан г1ар» ц1е а йолуш, кхин цьа книжка а ели цуьнан ара, 1981 ш. «Хазахетар» ц1е йолу сборник. Гацаев Са1ид дуккха а жанрашкахь яздеш ву, лирикин стихашна т1ера баснийн, пьесийн биста кхаччалч. Цуьнан дешнаш т1ехь яздина дукха хаза иллеш ду. Уьш ду: «Лулахо», «Къонахашка», «Сан эшарш», «Мехкаршка» кхин дукха а. Уьш йоккхачу говзаллица д1алокху Ульбиев Хизира, Темирбулатова Сиржана, Мусхабов Исмаь1ала. Гацаев Са1ид Асламбекович

Гацаев Са1ид язйина «Даймохк» ц1е тиллина стихотворени: Хьоме Даймохк! Дагна деза И хьан сийна нана-лаьмнаш, Аьзнийн цIарца йисттех юьзна Зевне техка тийна хьаннаш, Гацаев Са1ид язйина «Даймохк» ц1е тиллина стихотворени: Хьоме Даймохк! Дагна деза И хьан сийна нана-лаьмнаш, Аьзнийн цIарца йисттех юьзна Зевне техка тийна хьаннаш, Гацаев Са1ид

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг. Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч- ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь. Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг. Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч- ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина. Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь. Арсанукаев Шайхи Абдулмуслимович

Арсанукаев Шайхис язйина «Нохчийн мотт» ц1е тиллина стихотворени»: Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!- Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. Арсанукаев Шайхис язйина «Нохчийн мотт» ц1е тиллина стихотворени»: Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!- Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. Арсанукаев Шайхи

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь. Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. Со вина де, Ненаца дина къамел поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта. Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. Латта цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, Грозненский рабочий газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна.. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь. Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь. Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. Со вина де, Ненаца дина къамел поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта. Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. Латта цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, Грозненский рабочий газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна.. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь. Мамакаев Мохьмад Амаевич

Мамакаев Мохьмад язйина «Даймохк» ц1е тиллина стихотворени: Зама, ма сихло, сан зама, Цхьажимма некъ бита суна. Доггаха дош аьлла ваьлла вац, Дуьненахь ас битна цхьа зил бац. Со дахарх заз даккха кхиъна вац, Езначух бIаьрг тоьхна ваьлла вац Ма хетта барт ала Iаьбна вац. Даймехкан декхарха ваьлла вац. Мамакаев Мохьмад язйина «Даймохк» ц1е тиллина стихотворени: Зама, ма сихло, сан зама, Цхьажимма некъ бита суна. Доггаха дош аьлла ваьлла вац, Дуьненахь ас битна цхьа зил бац. Со дахарх заз даккха кхиъна вац, Езначух бIаьрг тоьхна ваьлла вац Ма хетта барт ала Iаьбна вац. Даймехкан декхарха ваьлла вац. Мамакаев Мохьмад

1. Вина мохк мазал мерза бу. 2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. 3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна. 4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. 5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна. 6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна. 7. Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду. 8. Шен ц1а - ц1ен ц1а. 1. Вина мохк мазал мерза бу. 2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. 3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна. 4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. 5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна. 6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна. 7. Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду. 8. Шен ц1а - ц1ен ц1а. Кицанаш: Даймохк

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. 2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. 3. Воккхачо аьлларг дайна дац. 4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. 5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. 6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. 7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. 8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина 9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. 10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. 11. Стеган мах ша хадийнарг бу. 12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. 13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. 1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. 2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. 3. Воккхачо аьлларг дайна дац. 4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. 5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. 6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. 7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. 8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина 9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. 10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. 11. Стеган мах ша хадийнарг бу. 12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. 13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. Кицанаш: Г1илакх,оьздангалла

Х1етал-метал хаийла хьуна: 1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт). 2. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара). 3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара). 4. Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх хIусам а йо? (ЧIегIардиг) Х1етал-метал хаийла хьуна: 1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт). 2. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара). 3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара). 4. Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх хIусам а йо? (ЧIегIардиг) Х1етал-металш

5. Хьуьн чохь а арахь а кетар ю лелаш? (УьстагI) 6. Ша шайх а вац, маж а ю? (Бож) 7. Хина тIай, некъана накъост? (Говр) 8. Дийнахь эла, буьйсанна лай? (ЖIаьла) 9. Хи йистера баьццара бохча? (Пхьид) 10. ЦIиэ ленаш долуш кIайн говраш? (ГIезаш) 11. Леташ а яц, юсалой а лела? (Москал-нIаьна) 12. Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар) 5. Хьуьн чохь а арахь а кетар ю лелаш? (УьстагI) 6. Ша шайх а вац, маж а ю? (Бож) 7. Хина тIай, некъана накъост? (Говр) 8. Дийнахь эла, буьйсанна лай? (ЖIаьла) 9. Хи йистера баьццара бохча? (Пхьид) 10. ЦIиэ ленаш долуш кIайн говраш? (ГIезаш) 11. Леташ а яц, юсалой а лела? (Москал-нIаьна) 12. Шозза дуьненчу даьлларг? (Олхазар) Х1етал-металш

1) Суьйре, суьйре – садайна, Г1ала вахча, етт байна; Т1ам, т1ам – ведаран т1ам, Хьо д1авала, капитан. 2) Дум, дум бишшари, Чахь-чирг индарби, Ай-вай иннакказ - Бунч1! Дагардарш

3) Лаьмнаш юккъера стаг схьавелира, Цо шен киснара урс схьадаьккхира, Тухур ду - тухур дац, Тоьхча, наха дуьтур дац. 4) Со воьдура, воьдура, Хьаьжи хьера воьдура, Т1аьхьа хьаьдда маж лецира, Мажи карахь к1ант карийра, К1ентан карахь шун карийра, Шун чохь х1оа карийра, Х1оъ чохь сера карийра, Сера, сера, молха. Дагардарш

Чакхели сан презентации.