МБОУ «СОШ ст.Горячеисточненская» Урокан ц1е: Дешхьалхе а, дешт1аьхье а (т1еч1аг1дар) Хьехархо: Витаева Р.М. 3а-г1а класс 24-г1а январь 2013 шо.

Презентация:



Advertisements
Похожие презентации
МБОУ «СОШ ст.Горячеисточненская» Урокан ц1е: Дешхьалхе а, дешт1аьхье а (т1еч1аг1дар) Хьехархо: Витаева Р.М. 3а-г1а класс 24-г1а январь 2013 шо.
Advertisements

Транксрипт:

МБОУ «СОШ ст.Горячеисточненская» Урокан ц1е: Дешхьалхе а, дешт1аьхье а (т1еч1аг1дар) Хьехархо: Витаева Р.М. 3а-г1а класс 24-г1а январь 2013 шо.

1алошо: Дешхьалхенах а, дешт1аьхьенах а 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а. Дешхьалхенца керла дешнаш кхолла хаар. Дешхьалхенан а, дешт1аьхьенан а нийсаяздаран бакъонаш хаар. Дешархой хаза а, ц1ена а яздан 1амор.

Урокан план I. Урокан белхан кеп д1ах1оттор II. Ц1ахь бина таллар III.Ц1ена язъяр IV. Тема карлаяккхар, т1еч1аг1ъяр V. Физминот VI. Урокан жам1 дар VIII. Ц1ахь бан болх балар

Урокан болх д1ах1оттор Бераш, д1аяздел тайп тетрадаш т1е таханалера де а,терахь а, классехь бина болх а.

- Шуна ц1ахь 1амо х1ун еллера? II. Ц1ахь бина болх таллар. (Дешхьалхе а, дешт1аьхье 1амаян, шардар 197) - Х1инца вай дешхьалхе а, дешт1аьхье а карлайоккхур ю.

1. Карладаккхаран хаттарш -Дешхьалхе иза х1ун ю? (Дешхьалхе иза дешан дакъа ду) -Дешхьалхенан г1оьнца х1ун кхоллало? (Дешхьалхенан г1оьнца керла маь1на долу дош кхоллало) - Масалш далор (Схьавог1у, чувоьду, д1акхийтира, аракхоьссира, охьахиира) - Дешт1аьхье иза х1ун ю? (Дешт1аьхье ша дош ду) - Муха язйо дешт1аьхьенаш дешнашца? (Дешт1аьхье дешнашца къаьстина язйо) - Даладе масалш. (Ц1а чу, партий т1ехь, кора т1ехь, хи чу)

2. Шардар таллар. -Д1аешал предложенеш (стихотворенеш), шаьш к1ел сиз хьаькхна дешт1аьхьенаш еша. Хьекъале кхуьуш бу Цу Додин доьзал, Балха т1ехь, дешар т1ехь Кхиамаш церан бу

-херх иза х1ун ю? -муьлха белхаш до херхаца? (херх) (белхан г1ирс) (у хададо, дечиг хадайо) Элп «Хх» яздар Хх Хх Х1етал-метал хаийла шуна Д1а – хьуна, схьа суна… III. Ц1ена язъяр

IV.Урокан чулацамна т1ехула болх -Х1инца вай темина т1ехула болх бийр бу. Дешхьалхенаш а, дешт1аьхьенаш а карла а йохуш, ( т1ера, охьа, д1а, т1е, чу, хьала ) бохучу дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла? Д1аязде уьш.

V. Ловзуш 1амар. Х1инца кхи д1а ловзуш т1еч1аг1дийр ду вай 1амийнарг Кху т1едилларх дешт1аьхьенаш яйна Парти…, кора…, дитта..., шкаф…

Физминот

К1ел, чохь, т1ехь, чуьра боху дешт1аьхьенаш юкъахь йолуш, предложенеш х1иттае. Д1аязде уьш, дешт1аьхьенашна к1ел сиз хьакха. Шардар кхочушдар (аг1о 97, шардар 198)

Хаттарш: Дешхьалхе иза х1ун ю? Дешхьалхенан г1оьнца х1ун кхоллало? Дешт1аьхье иза х1ун ю? Муха язйо дешт1аьхьенаш дешнашца? VII. Тема т1еч1аг1яр

-Тахана урокехь вай х1ун т1еч1аг1дира (дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а нийсаяздар) -- Х1инца аша бинчу белхан мах хадор бу вай? VIII. Урокан жам1 дар

5 дош дешт1аьхье а йолуш, 5 дош дешхьалхе а йолуш д1аязде. IX. Ц1ахь бан болх балар:

Баркалла шуна урок д1ахьуш г1олацарна!