«поэзехь керла седарчий…» 9 В класс Литературно-музыкальни композици Кл. куьйгалхо: нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Махмалиева Е.К.

Презентация:



Advertisements
Похожие презентации
«поэзехь керла седарчий…» 9 В класс Литературно-музыкальни композици Кл. куьйгалхо: нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Махмалиева Е.К.
Advertisements

Транксрипт:

«поэзехь керла седарчий…» 9 В класс Литературно-музыкальни композици Кл. куьйгалхо: нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Махмалиева Е.К.

«Ненан мотт- дахаран хазна» Нохчийн литературни кружок Кружокан куьйгалхо: нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Махмалиева Е.К.

Кружокан декъашхай: Амерханова Асет 9 «в» кл. Асхабова Милана 9 «а» кл. Баматгиреева Петимат 9 «в» кл. Бетербиева Амина 9 «а» кл. Газиханов Мохьмад 9 «в» кл. Омарова Хеда 9 «в» кл. Шабаева Элина 9 «в» кл. Девиз: «Ненан мотт ца хиъча ду доккха эхь, мало ца еш шарбе ненан мотт ахь!»

НЕНАН ЙОВХО Ма тайна ю ненан йовхо Куьйгаш к1еда. Мерз дош. Сирла б1аьргаш ирсе лепаш Нана л ела ларбеш кхерч. Со 1уьйранна самальлча Хезча лерехь ненан аз, Кийрахь дог сон ловза долу Дуьне хаздо нана ахь! Ахь со хьоьстуш соьга олу – «Сан жиманиг дог 1а ла- Хьо хилалахь даима оъзда, Нохчийн йо1 яй-м, Хеда хьо!» Автор: Омароеа Хеда 9 «В» класс.

НЕНАН ХЬЕХАР Массо а хенахь Самукъне ю со Ела дог дог1уш, йиш лакха лууш Сийначу стиглахь Мархаш а йоцуш 31аьнарша маьлхан Къагийна дуьне. Нанас со хьосту, до хьехар суна Хилалахь даима Массаьрца бертахь Воккханиг л ар ал ахь Хилалахь оьзда Нохчийн йо1 хьуо хилар Диц ма де цкъа а. Автор: Амерханоеа Асет 9 «В» класс

«НАНА» Дешнаш а, мукъам а Махмалиева Е.К Нана, нана мел деза дош ду хьо! Нана, нана дуьненан серло хьо ю! Дахаран ерриге марзо Хьан ц1арца йоьзна ма ю Ирсечу бераллехь дуьйна Мотт 1аморг нана ма ю Нана, нана мел деза дош ду хьо! Нана, нана дуьненан серло хьо ю! Оьздачу маттаца дуьйцуш Г1иллакхаш ахь 1амадо Дахаран халонаш йойуш Хьан т1ома к1елахь тхо ду Нана, нана мел деза дош ду хьо! Нана, нана дуьненан серло хьо ю! Хьо йолуш башха ду дуьне Шатайпа сирла бу малх К1едачу хьан куьйгин йовхо Сан деган пхенашца ю Нана, нана мел деза дош ду хьо! Нана, нана дуьненан серло хьо ю! Дуьненахь малх мел а лепа Ехийла нана хьо сан! Сирлачу седанах лепаш Дахар а хуьлилда хьан! Нана, нана мел деза дош ду хьо! Нана, нана дуьненан серло хьо ю!

НЕНАН МОТТ 1уьйре сирла йог1у суна Суьйре сирла хуьлу сан Сай хьомечу нанна уллохь Даим ирсе хуьлу со. Хьан хьехаре ас ладуг1у Ойла йо ас дуьцучун Жима елахь а кхета, нана. Массо хенахь бакъ йо хьо. Ахь дуьнене безам кхуллу Хаза дешнаш 1амадо Сайн хьомечу ненан маттах Ас даима дозал до. Автор: Баматгириееа Пет1мата т. 9 «В» класс

ДЕН ХЬЕХАР Школера ц1авеъча Ловза со вахара Берашца со ловзуш Дуккха хан елира Дадас мохь туьйхира – «Урокаш йиний ахьа?» Ас ч1ог1а воьхна Харц дериг элира Дадас чу кхайкхина Дов сунна дира Нийсаниг бен дийца Ас ч1аг1о йира Соь дадас элира Харц долчух ларлолахь Бакъдерг бен ца олуш Нийсонца вахалахь. Автор: Газиханов Мохъмад. 9 «В» класс

Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш, 1алашбахь цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц. Мамакаев Мохьмад

Баркалла Мохк ларбеги Шайн синоъи Ца кхоинчарна Даггара баркалла Лаъаркха ала Тхан берийн дахар Хилийта ирсе Хазачу б1аъстенах Малхаца лепаьи 1аържачу боданах Даима тхо лардеги Сема ладоъг1уги Тхо кхиинчара Даггара баркалла Лаъаркха ала... Автор: Бетербиева Амина 9 «А» класс

МЕХКАН ДАЙ Кегийчу берийн Дахар хилийта Дохк - мархаги йоцуш Даима сирла Мехкан Дай хилий Д1ах1ийтта к1ентий Маършачу дахаран Б1аххъой а хилий! Автор: Асхабова Милана 9 "А" класс

«САН НАНА» «Сан Нана» ма-дац-кха Дуьненахь цхьа а, Хьол хаза, хьол хьоме Кхин адам суна. Т1ехь хаза хетчча а, Со хьоьга кхойкху, Самукъа даьлча а, «Ва, Нана!» олу Сан деган зезаг ду, Хьомсаре Нана. Массарел гергара, Хьо ю, сан Нана Малхо а ло йовхо, 31 аьнаршца хьостуш, Эсалчу хьан куьйгин Иовханах терра Цу маьлхан з1 аьнаршца Жима дог хьоьстуш Ехийла нана хьо Дуьненахь дуккха а! Автор: Шабаева Элина 9 «В» класс

... Иист Йоцу X1орд санна Бу хьуна шорта Ша хууш волчунна айн нохчийн мотт. Арсанукаев Ш.

«Хьехархо» Хьалхарчо классера дуьйна Тхан классан куьйгалхо хилла Семачу тидамца кхетош Уьссалг1а классе тхо даьхки. Силахьчу ненан мотт хьоьхуш Iаламе тхан безам Кхиош Пиллакхий хазалла юьйцуш Дахаре дуьгу ахь тхо Хьехархо, тхан шолг1а нана Тем боцуш дахар ду хьан Могашалла тхуна ца кхоош Тхо кхетош кхиадо ахь. Тхан, берийн ойланех кхетарг Дог доьхчи, дог-ойла ойбург Тхан хьоме хьехархо-нана Ире долуш ехийла хьо Автор: Баматгиреева Петимат 9 в класс.

«САН НАНА» «Сан Нана» ма-дац-кха Дуьненахь цхьа а, Хьол хаза, хьол хьоме Кхин адам суна. Т1ехь хаза хетчча а, Со хьоьга кхойкху, Самукъа даьлча а, «Ва, Нана!» олу Сан деган зезаг ду, Хьомсаре Нана. Массарел гергара, Хьо ю, сан Нана Малхо а ло йовхо, 31 аьнаршца хьостуш, Эсалчу хьан куьйгин Иовханах терра Цу маьлхан з1 аьнаршца Жима дог хьоьстуш Ехийла нана хьо Дуьненахь дуккха а! Автор: Шабаева Элина 9 «В» класс

Гимн гимназии 2 Стигла ю цхьа башха сирла Сентябран хьалхара де Горгали ша зевне баьлла Бекаш бу д1акхойкхуш тхоь. Дуьххьара хьалхарчу классе Зезагийн курсаш а буьйнахь Цу маьлхан з1аьнаршца ловзуш Ма ирсе даьхкира тхо. Дешаран 1илманах кхетеш Дахаран чолхенаш юьйцуш Ойланаш панале идош Зама ма сихъелла хьо. Хьехархой - тхан шолг1а наной Аш белла кхетамаш го. Шолг1ачу гимназехь доьшуш Хиларх тхаьш дозалла до. Мел дукха заманаш керчарх Хьавзина хиларах некъ Аш белла хьехамаш лоьруш Д1ахьурбу дахаран некъ. автор: Махмалиева Е.К.